Город МОСКОВСКИЙ
00:01:48

Нохчийн меттан институтехь нохчийн меттан хьехархошна лерина курсаш дlайуьйлайелла.

Аватар
ГКУ "ИНСТИТУТ ЧЕЧЕНСКОГО ЯЗЫКА"
Просмотры:
6
Дата загрузки:
21.10.2025 10:15
Длительность:
00:01:48
Категория:
Лайфстайл

Описание

Эсаран беттан йалхалгIачу дийнахь Нохчийн меттан институтехь нохчийн меттан хьехархошна лерина курсаш дlайуьйлайелла.
«КЙД, ЙЙД ФПДС кхочуйарца доьзна ненан (нохчийн) литературин урокашкахь исбаьхаьллин говзар lаморан методика» цlе йолчу программехула ладогlархошна хьалхарчу занятехь девзира:
🔸йешаран говзалла кхолларан бакъонан баххаш: ФПДС, КДП, предметашкахь концепцеш;
🔸 блочно-модульни урокан дlахlоттам.
Маршаллин дош олуш, нохчийн мотт хьехарехь долуш долчу хьолах а, тlе дан леринчу гlуллакхех а дуьйцуш, вистхилира Нохчийн меттан институтан куьйгалхо Овхадов Рукъманан Муса.
Ладогlархошца программин хьалхарчу модульца болх беш йара Нохчийн меттан хьехархойн говзалла лакхайаккхаран центран lилманан белхахо, региональни методист Чадаева Л.Д.
©️ Нохчийн меттан институт

Рекомендуемые видео